Центр защиты леса Чеченской Республики
регионы России
О насНаправления деятельностиНовости70 лет ПобедыУслугиКонтакты
Карта филиалов
Российского центра защиты леса
Посмотреть филиалы списком
закрыть

Общая информация

Прямая линия лесной охраны

8-800-100-94-00

 

 

 

Хьуьнхо Тамара

Даймохк № 105, шот, товбецан (сентябрь) беттан 17-гIа де, 2016 шо

Хьуьнхо Тамара

Зуда... Муха еха-те иза хIокху за- манахь? Цхьайолчунна ша ирсе хета, вукхунна – декъаза. Зударийн кхолла- маш а бу тайп-тайпана. Делахь а, кхерч ларбеш, доьзал кхиош ерг а зуда-нана ю. Дерриге а дукъ зудчунна тIехь ду. Божарел дукха буй-те аьлла, балхахь а, базарахь мах беш а, берашна сискал яккха а, кога-тIедуха а арайолург зуда ю. Говзаллаш а тайп-тайпана ю вайн зударийн.

Тахана шуна йовзийта лаьа хьуьнхо Хусаинова Тамара. Хьуьнхахь болх беш наггахь йолу зуда бен ца хилла вайн махкахь. Нохчийчуьрчу хьаннашкара хIора дитт, орамат, зезаг, сагалмат, дийнат дика девза цунна. Нанас шен берана санна, Iуналла а до цо церан.

Хусаинова Тамара Соьлжа-ГIаларчу цхьана микрорайонехь Iаш ю. Иза дуьнен чу яьлла 1956-чу шеран, товбецан (сентябрь) беттан 30-чу дийнахь Караганда гIалахь. Хийрачу махкара вайнах цIа боьрзуш, 6 бутт хилла цуьнан. Курчалойн кIоштарчу ЖагIларге юьртахь дIаяхна Тамарин бералла. Жима йолуш, Насуханова Ляля санна летчик хила лууш хилла иза. Бедарштегар дезаш а яра йоI, цунна ша ма ирсе хета- ра нанас шена «Чайка» чарх эцча. Сихха Iемира цу тIехь бедарш тега. Йижаршна а, шена а кучамаш тоьгура. Цкъа а тайнигех ца ловзура. Дений, вешиний улло йолий, дечиг даккха а, мангал хьакха а хIуттура. ЖIов, диг, морзах хуьлура цуьнгахь, дукха хьолахь, гуш.

Хан а дIаоьхура. 10 класс яьккхина яьлча, хьуьнан бахаман некъ харжа лууш йолчу йоIа, ХIирийчуьрчу Алагиран хьуьнан бахаман техникуме кехаташ чуделира, цигахь дешна яьлча, балха яхара ша хаьржинчу говзаллица. Иза цигахь массарна езаелира, ша ца кхоош, балхаца шовкъ йолуш, дика ларош хиларна. Цул тIаьхьа, балхана юкъара ца йолуьйтуш, Соьлжа-ГIаларчу «Мехлесхозан» куьйгалло Воронеже хьуьнан бахаман институте заочно деша хьажийра йоI. Иза а кхиамца чекхъяьккхира.

Хьуьнан бахаман тайп-тайпанчу меттигашкахь болх бина цо. Ша мел хиллачохь Тамара езаш тIе а эцна, цуьнан цIе сий-ларамца яьккхина. Шен балха тIехь лаккхара кхиамаш бахарна, гуонахара Iалам а, хьуьнан бахам а ларбарна цунна дина дуккха а деза совгIаташ, делла дипломаш, Сийлаллин грамоташ. Цкъа а халонна бIокъажийна яц иза. Хьуьнан бахамех цо язйина йолу статьяш зорба- нехь арайийлина республикин а, Россин а газетийн агIонаш тIехь. Телевиденин, радион передачашкахь сих-сиха дакъалаца кхойкху Тамара. Зудчо атта юьхьарлоцуш яц хьуьнан бахамца йоьзна говзалла. Делахь а, цуьнан да а, нана а, ваша а, йижарий а бу оцу хьаьрмахь къахьегна.

Жима йолуш, хийла шен нанна гIо дан Жалкхе йоьдура йоI, синтарш дIадуьйш, кхиош, генаш кходуш. Цо дIадийна дитташ, дагардина ца валлал дукха ду. «Шайна мотт хууш хилча, шайна гинчух лаьцна ма дукха хIума дуьйцур дара оцу дитташа», – бохуш йоьлу иза. Тамарина дукхадеза бераш а, дийнаташ а.

Дукха хан йоццуш, суьйранна, Тамара балхара цIа йогIуш дуьхьал кхийтира суна. Цо хьошалгIа кхайкхира, ша ехачу хIусаме. Тхо чоьхьа довллушехь цицигаш дуьхьалхьаьвдира тхуна. Со цецъяьлла йисинера «МIав-мIав» бохуш, Тамарина гуонаха хьийза уьш гича. ХIоранна а куьг хьокхуш, цицигаш хьеста йолаелира иза. – «Сагатделлерий шун? Вуон лийлира шу?» – бохуш… Тамарас дийцарехь, цуьнан неIаре цхьама охьакхуьйсу уьш. Къа а хетий, чудаладой, цIандой, лазийначунна молханашца дарба дой, кхобу цо уьш. Оццул цицигаш доллушехь, деши санна цIена ю чоьнаш. Балкона тIехь кечйина царна хIоранна меттиг а ю. Иштта, къинхетаме дог долуш ю Тамара.

Цо ша даима а дикачу агIор йовзийтина. Шен дахаран цхьа а де эрна дахана ца хета цунна. Иза йоккхае вайн мехкан Iаламан хазалла ларъян, шена зеделларг тIекхуьучу чкъурана дIакховдо шен аьтто хиларх. Кегийрхошца сих-сиха цхьаьнакхетарш хуьлу цуьнан. Хьаша-да а чIогIа веза Тамарина. Нохчийн халкъан даар хедаш дац цуьнан хIусамехь.

2015-чу шеран асаран (июнь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна Нохчийн Республикин хьуьнан бахам ларбаран туьшан куьйгалхо ю иза. ХIокху шеран мангалан (июль) беттан 1-чу дийнахь 41 шо кхаьчна  иза ша хаьржинчу говзаллица къахьоьгуш йолу.

Товбецан беттан (сентябрь) беттан 18- чу дийнахь Нохчийн зудчун де а, Хьуьнан бахаман белхалочун де а ду. Оццу беттан 30-чу дийнахь 60 шо кхочу Хусаинова Тамарин. Даггара декъалъян лаьа Тамара хьо! Могашалла, ирс, аьтто болуш, дахарехь а, балхахь а кхиамаш хуьлда хьан!

 

УМАРОВА ЛИЗА

 Авторан суьрта тIехь: хьуьнхо Хусаинова Тамара

 Газета «Даймохк» № 105 от 17.09.2016 г.